Таджикистанера оппозиционер Кувватов вийна Истанбулехь

Еарин сарахь Истанбулехь вийна таджикийн оппозицин хьалханчех цхьаъ волу Кувватов IумарIела. Оцунах лаьцна хаам бина туркойн зорбанан гIирсаша. Кувватовн хIусамнана а, цуьнан жима ши бер а дIовш а даьлла дарбанцIийне охьадиллина ду. Кувватов IумарIелин гергарчара дийцарехь, 47 шо долу политик а, цуьнан хIусам а хьошалгIа кхайкхина хилла.

Цигахь хIумакхаьллинчул тIаьхаь во а хилла хIаваэ араваьлла хилла иза. Оцу минотехь мила ву цахуучу стага коьртах тапча тоьхна вийна Кувватов. Цуьнан зуда а, ши бер а кхетамчура даьлла, амма цул хьалха хIусамнана кхиийна гергарчарга Кувватов верах лаьцна хаам бан.

Кувватов 2012-чу шарахь Оьрсийчу ведда хилла Таджикистанан президентан гергарчу нахаца бизнес бахьана долуш дов а даьлла. Москох «Тоба 24» олу организаци а кхоьллина, Таджикистанан Iедалшна критика еш хилла иза. 2012-гIа шо чекхдолуш Душанбен дехарца лаьцнера Кувватов Эмираташкахь. ТIаьхьо ша дIахечца иза ваха хиинера Туркойчохь. Таджикистанан Iедалш таIазар дан дагахь дIавоьхуш вара Кувватов IумарIела.