Кадыровна рог1ера совгIат делла Путина

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Лараман орден (орден Почета) елла шен омрица Нохчийчоьнан администраторна Кадыров Рамзанна. «Къинхьегамехь баьхначу кхиамашна, юкъарчу дахарехь жигара хиларна, дуккха а шерашкахь цIенна болхбарна», аьлла ю омрин текст. Оццу омрица «Даймахкана хьалха доьналла гайтарна» аьлла ю Ингалсехь бакъоларъярхо Литвиненко Александр верна бехкевечу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин депутатна Луговой Андрейна елла орден.