Оьрсийн политик-оппозиционер Немцов Борис вийначу сахьташкахь дуьйна а нохчий богура, и дуьненна а Iаьткъина зулам динарш нохчий ма хилахьара бохуш. Делахь а оцу тIе кхачош ду хилларг, тIаьххьарчу хаамашка ладоьгIча. Цо вуно чIогIа холча а хIиттабо пачхьалкхехь леларг дуьззина кхетош болу вайнах.
Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кIиранан хаттар. Шу теший, зуламхой нохчий бу бохучух? Хьенан лаам кхочушбеш вийна хила тарло Немцов Борис, иза вийнарш Нохчийчуьра схьабевлла нах бу бохург бакъ хилча а?
Хаттарца доьзна шайна хетачух лаций телефон тоха тхоьга: +420724019832
Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.
СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.
Ватсап, Вайбер а ю тхан: +420724019832
Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com