Пакистано шен цIарах стаг верна мораторий тоьхна юха а

Ша юхаюкъадаьккхина 10 бутт баьлча, Пакистано сацийна стаг Iедалан цIарах верах долу низам. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бечу хаамца, омра дина оцу хьокъехь премьер-министра кху деношкахь. Бакъоларъярхойн информацица, бархI эзар стаг воллу Пакистанан набахтешкахь вен а кхачийна. 6 шарахь стаг верна тIехь мораторий лаьттира цигахь, йохийра кхо бутт хьалха, тIалибаша Пешаварехь школехь 150 бер а, хьехархо а вийча. Оцу юкъанна, дуьнентIерачу бакъолархоша цавер доьххушехь, 24 стаг вен кхиира Iедал.