Тикрит йоккхуш ду Иракъан эскар

Тикрит гIалин дакъа шаьш «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман гIеранашкара схьадаьккхина, хаамбо Иракъан эскарша. ШиIатойн дакъоша Ал-Iалам олу агIо караэцна, тIом болийна дисина дакъош а схьадаха, боху эскархоша. Дийцарехь, дуьхьало алссам йо эскаршна минанаший, снайперший.

Дахначу кIиранах Iалашо лаьцна эскарша эха шарахь тIемалойн карахь лаьттина Тикрит а, гонахара кIошташ а юхаерзо.

Иракъерчу курдоша а даржийна, шаьш «Исламан Пачхьалкхера», цуьнан 100 герзахо а вуьйш, Киркук къоштахь 100 чаккхарма меттигаш юхаерзийна аьлла. Ткъа Киркук курдойн Пешмерган карахь ю дахначу шеран гурахь дуьйна.