Босфоран музейшкахь денделла иэс

Туркойчоьнан хьалхара президентан Кемал Мустафан музей ю Хонкара-шахьарахь историн-синбахамаллин йоккха комплекс. Музейн кхин цхьа цIе а ю  - Аныткабир (зерат). Кемала 15 шарахь куьйгалла дина Туркойчоьнан. Зератахь сурташца гойтуш бу Кемал Мустафа коьртехь а волуш туркоша маршо къуьйсуш бина тIемаш.

Деза долу Туркойчохь 1919 шеран Стигалкъекъа-беттан 19-гIа де. Иза Ататюрка ша вина де санна билгалдоккхуш дара. Оцу дийнахь болийна Туркойн Республико шен маршонехьа некъ.

56 шо кхачна а волуш, 1938 шарахь велла Кемал Мустафа. Музей ян йолийна 1944 шеран гурахь. Йина яьлла 1953 шарахь.

27 арахьара а, 20 туркойн а архитектор хилла музей йилла бакъо къовсуш.Тоьлла туркойн архитекторийн Халид Эминан а, Арды Орхан Ахьмадан а проект.

Цкъа а юхур а яц моьттина Iосмалойн импери, 6 бешарахь а лаьттина, йохайоьлла XX бIешеран юьххьехь. Ницкъалчу пачхьалкхийн тохарша йолийра иза эшон, туркошкара доккхуш лаьттара церан латтанаш.

ХIун дан деза ца хууш дисинчу султанийн Iедална духьалвелира оцу луьрачу заманахь, шена гонаха къона турпалхой а гулбина, Ататюрк.

Туркойн лаьттанаш дIасадоькъуш хьийзачу султанна дуьхьал тIом кхайкхийра Кемал Мустафас.

Шена гонах накъостий а баьхна, тIамехь Туркойчоьнан маршо къевсира Ататюрка.

1918 шарахь Европерчу пачхьалкхаша дIалецира Истамулан дакъа. Толамхо санна, кIайчу динахь веара гIаличу францойн инарла Деспери.

Босфоран аймичуьра Чанаккалени гечо (Дарданелаш) дIалецира ингалсхоша. Хала зама яра туркошна 1918-1919 шераш.

Жима а, воккха а вара шайн мехкан,Туркойчоьнан, маршо къовсуш.

«Панорама 1453» Истамулерчу Топкапы бешахь ю.1453 шарахь султана МехIмед II Константинопол йоккхуш тIом бинчу метте хIоттина ю ша музей.

«Панорама 1453» музей  хIотто сацамбира 2003 шарахь. Белхаш буьйлабелира 2005-чохь. 2010 шарахь йина елира музей. Хаза хиларе терра, уггаре дукха нах боьлху меттиг а хилла дIахIоьттина иза.
 

38 метр бу цуьнан го, 20 метр – лекха. Ватандаш ХIашим ву пректан да. «Панорамы 1453» сурта тIехь ву 10 эзар бIаьхо, ша сурт ду 2500 еакъов метр ца кхоччуш. 

Хьовсархой горга кечбинчу гайтамна юккъехь нисло. Нахана шаьш боьдучу тIама юкъа нисбелча санна хетало – яккхий тоьпийн татанаш а, салтийн маьхьарий а хеза царна.
 

Герз бакъдерг ду панорамехь. Иза гойтучу заманера ду.           

Пачхьалкхан кхиболу хиламаш а бовзуьйтуш ю «Панорама 1453».

Акустикан башхаллаша чIагIбо музейно луш болу синкхача. Хеза кхузахь тIеман маршаш а, баьччанийн маьхьарий а, дуьйлу деза герзаш а.

Меттигерчу кегийрхошна езаелла музей. 10 туркойн лира бу кхечу махкара веъначу хьажархочо луш болу мах.

«Панорамы 1453» 

Туркойчоь - шен иэсаца а, синбахамца а экаме хила Iаьмна мохк бу.