Тикрит мукъаяьккхича гучудаьлларг

Иракъерчу кхелан медицинан эксперташа ахка йолийна «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тIеман тобанаша Тикрит гIалахь шайна дуьхьаллаьттинчу эскархойх 1700 стаг вийна, лаьттахвоьллина 12 меттиг. Iедалан ницкъаша баттахь тIемаш а бина, гIала мукъаяккхарцана болийна бу и болх. Байинарш дIабоьхкина цхьадолу оьрнаш гучудевлла Иракъан диктатор Хьусайн Саддаман ваьхначу хIусамийн кертахь.

Эксперташна хетарехь, карийначу оьрнашчу боьхкинарш бу «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанаша Кэмп-Шпайхер базина тIелеташ байина хилла эскархой-шиIатой. Видео, суьртийн тоьшаллаш даржийна эксперташа шаьш талламаш бечу меттигашкара.