Бостонерчу марафонехь динчу лелхийтарша нахана беана эшам

Бостонерчу марафонехь веллачу кхаанна хIиттийна жIараш: Кэмпбелл Кристлна (29 шо), Лингзи Луна (23 шо), Ричард Мартинна (8 шо). Лелхийтарш динчу деношкахь наха шаьш хIиттийра и жIараш.

Кэмпбелл Пэтти (лакхахь аьтту агIор), эккхийтарехь йийначу Кэмпбелл Кристлан нана, Медфорд, Массачусетс штат, 2013 шо, Охан-беттан 16-гIа де.

МозгIар Коннор Шон ву Бостонехь дахарх ваьккхинчу Ричард Мартин дагалоцуш, Бостон, Массачусетс штат, 2013-гIа шо, Мангал-беттан 9-гIа де.

Эккхийтарехь вийна китайхо, Бостонан университетан аспирант Лингзи Лу дагалоцуш, Массачусетс штат, 2013 шо, Охан-беттан 17-гIа де.

Бостонерчу марафоно заьпапвина Бауман Джефф а, Аррендонто Карлос а, Моррис Тейлор а бу футболан матчехь дакъалоцуш, Массачусетс штат, 2031 чу шо, Гезгмашин-беттан 12-гIа де.

Бостонерчу эккхийтаро айпевинчу Фукарил Маркан сурт лаьцна Iа цуьнан да Фукарил Эдуард. Фукарил Маркан ког баьккхира, чевнаш йира шолгIачу когана, иштта чов йира дагна а.

Лелхийтарш дина шо кхочуш, «Бостонхойн доьналла» цIе тиллинчунчу спортан къовсамашкахь дакъалоцуш ву бохамо ког боцуш витина  волу Норден Ж. П.  

Бостонерчу марафонна дина зулам дагалоцуш хаамех хIоттийна мемориал.