ТIемалочунна кхалла хIума яларна вахархо кхеле озийна Нохчийчохь

Нохчийчохь кхеле озийна Ведан-кIоштан Селментаузен юртара вахархо 45 шо долу Баудинов Турпал-Iела. Цунна бехке дуьллуш ду тIемалочунна накъосталла дар. Талламхоша чIагIдарехь, 2012-чу шарахь бIаьста Сулейманов фамили йолчу тIемалочунна кхалла хIума елла хилла цо.

И бахьана долуш Баудиновн гIуллакх Веданарчу кхеле делла талламхоша. Нагахь суьдхоша бехке ларахь цунна 10 шаре кхаччалц хан тоха мега бохуш хаам бо "Кавказский узел" хаамийн интернетан агенталло.