22 стаг вийна Iожалхочо ОвхIанистанера Джалалабадехь

Лаххара а 22 стаг вийна, 50 стагана чевнаш йина ОвхIанистанехь, Джалалабад гIалахь эккхийтар дар бахьана долуш. Нангар провинцин полицин векло бинчу хаамца, эккхийтар дина банкан неIарехь. И тIелатар динарг ву, ша а леш, зулам дан арваьлла хилла Iожалхо.