Кадыровс айдайтина талламан г1уллакх дIакъовлийтина Бастрыкина

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра Нохчийчохь ставрополан низамхоша Дадаев Жамболат вийча, Нохчийчоьнан Талламан комитето царна дуьхьал гIаттийна бехктакхаман дов юхадаьккхина. Зорбанан хаамаша Охан-беттан 19-чу дийнахь вийна Дадаев федералан лехамашкахь хилла бохуш, дуьйцу.

Иза вуьйш операци д Iахьош хилла Ставрополан чоьхарчу гIуллакхийн урхаллера низамхой ханна Соьлж-ГIала бахкийтина хилла. Ставрополан низамхошна дуьхьал даьккхина бехктакханам г Iуллакх д Iакъевлина аьлла бина хаам бу Талламан комитетан сайтехь пIерасканадийнахь дуьйнна.