Ши эскархо вийна Украинин малхбалехь

Лаххара а ши эскархо вийна, 5 лазийна Украинин малхбалехь. Украинин армин векалша дийцарехь, Луганскан кIоштахь эскархойн машен иккхина мини тIехь. Кхин а масийтта эскархочунна чевнаш йина Мариуполна уллехь йолчу Широкино олучу эвлахь.

Украинин эскаран векло Мотузякин Александра дийцарехь, сепаратисташа 90-зза герз тоьхна Украинин эскархойн позицешна. Шайн агIор Донецкерчу сепаратисташа чIагIдо, Украинин тIеман ницкъаша, герзаш а диттина, маьрша ши стаг вийна бохуш. Цара дийцарехь, 13 стаг чевнаш йина ву.