36 стаг вийна Иракъехь тутмакхаш бовдуш

Иракъехь тутмакхаш набахтера бовдуш вийна 36 стаг. Царах 30 чувоьллина хилла тутмакх ву, 6 набахтин гIаролхо ву. Верриг а БагIдадана 75 километр йолчу Халис олучу Дияла-провинцерчу набахтера ведда 40 стаг. Царах 9 чувоьллина хилла терроран тIелетарш дина аьлла.