"Керлачу Газетан" репортер кхеле йоьху Гойлабиева Луизас

«Грозный» цIе лелочу Нохчийчоьнан телерадиокомпанино бечу хаамца, «Новая Газетан» журналистна Милашина Еленина дуьхьал арз дина прокуратуре деношкахь Нажи-Юьртарчу полицин куьйгалхочуьнга маре яхначу БайтIаркъерчу Гойлабиева Луизас.

Иштта, цуьнан нанас Юсупова Маккас а дехар яздина мехкан куьйгалхочун кхеташоне, шайн доьзал Милашинас яржийначу информацех Iалашъяр доьхуш.

17 шо кхаьчна йоI маре ницъаша йохуьйтуш ю, цуьнан гергарчарна тIеIаткъамбо, аьлла яра журналиста арахецна массех артикл.