Рамади мукъаяккха арабевлла массанхьара а ницкъаш

Иракъан малхбалера Рамади гIала «Исламан Пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанашкара юхасхьаяккха баха кечлуш бу эзарнаш ГIажаройчуьра шиIатой. Анбар провинцерчу полицин хьаькама ал-ФахIдави Къадхьима бинчу хаамца, дика кечбина тIемалой бу дIагуллуш Рамадина гергга лаьттачу ХIусайбахь метте, цигара уьш новкъабевр бу тIом бан.

3000 герзахо ву «Исламан Пачхьалкх» тобанашца лата кечвелла кхечу ал-ХIаббания олучу юьртахь а. Эй-Пи агенталло бечу хаамца, Рамади лаьцначу жихIадхоша лоьху гIали чохь полисхой беха цIенош, Iедалан эскарера нах, массех вийна кхоьссина Евфрат хичу. Рамади лаьцна «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанаша дахначу кIирандийнахь.