Маьждигашкара нах дIалехьабо Дагестанан полицино

Дагестанерчу Буйнакскехь маьждиге баьхкина нах лецна кхаьбна полицино кхаарийн буса. Аш-Шафи маьждигера иттех стаг хилла еа машенахь баьхкинчу полисхоша вигина, хаамбо «Кавказан Узел» газето.

И тайпа нах лехьор кест-кеста нисдаларна кIезиг адамаш доьлху оцу маьждиге, бохуш ду Буйнакскан бахархоша ден аьрзнаш.