Виъ тIалиб вийна Кабулехь

Виъ стаг вийна Кабулехь Кхаарин буса хиллачу тIемантасадаларехь. ОвхIанистанан Iедалан векалша бинчу хаамца, Кабулехь дипломаташ бехачу кIоштана тIелатар динера герзашца хиллачу наха. Уьш бу байинарш.

И тIелатар шаьш дина аьлла дIахьедар дина Талибан олучу боламан векалша. Кху тIаьхьарчу шина кIиранах масийтта цу кепара тIелатар дина тIалибаш Iедалан гIишлонашна а, Кабулехь болх бечу кхечу пачхьалкхашкарчу нахана а.