Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Реджепа дехна политикерчу ницкъашка собаре хилар, «махкахь лаьтта паргIат хьал, адамийн вовшашка болу ларам» ца бохор.
КIирандийнахь хиллачу парламентан харжамийн жамIашца боьзна бу цо оршотдийнахь бина и кхайкхам. ЭрдогIанан "Нийсонан, кхиаран" партина кху тIаьххьарчу 13 шерачохь тесна наха уггаре кIезиг кхаьжнаш. 550 меттигах 258 меттиг кхочу Iедалан партина - 18 тIе ца тоьа парламентан коьрта бакъонаш шена тIеэца.
Парламенте кхаьчна кхечу кхаа оппозицин партех цхьа а реза ца хилла цкъачунна ЭрдогIанан партица коалици хIоттон. Оцу хьоло таро ца ло керла Iедалан кабинет вовшахтоха. Хьал оцу тIехь дисахь, юха а парламентан харжамаш бан эша тарло Туркойчоьнна.