Минскехь бина барт буьззина кхочушбар коьрта ду

Украинан малхбалера тIемаш совцорхьама Минскехь бина барт буьззина кхочушбар уггаре коьрта ду, аьлла дIахьедина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. Машарца хьал дерзорна дуьхьал цхьа а альтернатива яц, бохура оьрсийн лидеро Миланехь ша а, Италин премьер-министр Рензи Маттеос а шайн хилла цхьанакхетар дерзош еллачу пресс-конференцехь.

Кхаарийдийнахь индустрин гIирсийн гайтамехь вистхуьлуш Рензис, шайна «мехала ду оьрсашца долу гергарло», амма «вайн позицешна юкъахь цхьацца галморзахенаш а ю», - элира. Италин президентца Маттарелла Серхиоца а хила деза Путинан цхьанакхетар. Иштта Риман Папица а хир ю аудиенци. Католикийн коьртачу мозгIаран а, Оьрсийчоьнан президентан а хила тарло къамел Украинерчу кризисан а, православин а, католицизман а юкъаметтигийн а хьокъехь.