Нохчийчохь мохкбегийна юха а

Гуьмсан кIоштарчу Илсхан-Юьртана гергахь эпицентр а йолуш, мохк бегийна пIераскан Iуьйранна ворхIалгIачух ах сахьт даьллачу хенахь. Рихтеран барамца 3,1 бал хилла тахкам. Зе хилла аьлла хаам бац. Оццу кIоштахь, Гуьмсехь, кхо кIира гергга хьалха а бегийра мохк 3, 3 балле кхочуш.