300 миллион долларна Украинина герзаца гIо дан сацам бина Iамеркин Сенато

300 миллион доллар барамехь Украинина герзаца гIо дан кхаж тесна Iамеркин Сенато. Конгрессан Лакхарчу чоьнан декъашхоша и сацам бина Еарин дийнахь.Украинина герз хьажо реза хилира 71 сенатор, дуьхьал вара – 25.

Сепаратисташна дуьхьал лаьттачу Украинина радиолокацин коьчаллаш а, танканашна туху герз а, кхин йолу а техника яла еза аьлла хета сенаторшна.

2016 шеран тIеман бюджетан шайн вариант тIеэцна Iамеркин Конгрессан Векалийн чоьно а. Кхечуьнца цхьаьна, Украинина герзаца гIо дарна цара делла 200 миллион доллар.