ДоттагIий хилча атта ду цIенош дан
Шена деллачу лаьттан декъа тIе веара Iумар юьхьанца!
Вашас Iелас, мангал тоьхна, бацах дIацIанйира цIеношна меттиг
Декъа тIе жагIа боьхкира
ЦIеношна бух ботта болош, хершаш а даьхна, болийра цементан, гIамаран боьршамаш бан
Апареш а хIиттош, кечйира бух ботта кепаш
Техникан гIоьнца боьттира бух
ХIинца кийча ю цIенойн лард
Ен йолу хIусамаш беркате хилийта, "кхайкхира" Писулге!
ГIодечу доттагIашна комаьрша той латтадо Iумаран нанас Алзамас
Кибирчигаш схьакхаьчна
ГIишлонна пенаш хьаладуттуш бу белхалой
Юуург дика ца яахь, ванне а вац белхало!
Тхов тилла сторпалш хIиттош бу Iумарца цхьаьна цуьнан накъостий
Эчиган хир бу тхов
Болх кхехкачохь самукъане хуьлу
ЦIено тховкIел дахи, хIинца кхераме дац я догIа а, я ткъарш а!
"Дадин йоI" Марьям йиллина хуьлу белхалошна гергахь, цундела цунна кхочу, той кечдича, уггаре мерза дакъа!