Советан Iедало стенна дIахийцира Балтика толлуш ю Дума

1991-чу шарахь Балтин кхаа мехкан пачхьалкхалла Советан Iедало къобалдар мел догIуш хилла хIетахьлерачу низамашца талла долийна Оьрсийчоьнан инарла прокуратурано. И хаттар айдайтинарг ю Пачхьакхан думерчу депутатийн тоба, хаамбо «Интерфаксо». Депутаташна хетарехь, Балтин мехкаш маьршабовлийтинарг конституцино бакъо луш а йоцу Пачхьалкхан кхеташо яра.

Депутаташ тешна бу прокуратурано жоп кIоргга таллам а бина дала деза бохучух. Латвехь, Литувехь, Эстонехь тIаьххьарчу хенахь кхерамаш лела баьржина Оьрсийчоь шайна тIелатарх. Цуьнца доьзна цара дукха хан йоццуш Атлантикан альянсе дехна шайн махка тIеман ницкъаш ховшор.