ГIаттамхо набахте хьажийна Шелковскан кхело

1999-чу шарахь нохчийн тIемалойн амиран Хаттабан тобан декъахь Оьрза-ГIалахь оьрсийн эскаршна тIелатар дарна Шелковскан къоштан кхело луьрачу хьелахкахь набахтехь даккха 10 шо кхайкхийна Ставропол-махкарчу вахархочунна Менлибаев Iалауддинна. ХIетахь Хаттабан тобано 15 эскархо вийра, 28 лазийра боху кхелан сацамо.