Палмирера шира хIолламаш бохийна

Дуьненаюкъара историн, архитектуран, синбахамаллин хазнаш Iалашъечу ЮНЕСКО-но бехкейина «Исламан Пачхьалкх» олу тIеман тоба цо Шемарчу Пальмира гIалахь ялх ширачу заманашкара хIоллам хIаллакбарна. Уьш контрабандистера схьа а баьхна, варзапца бохош видео яржийна ДАIИШ-о. Ши эзар шо хьалха бина Афинийн Леван хIоллам а бу бохийначаралахь. Палмира гIала архитектуран, синбахаман хазна лору дуьнено.