Юха а бехке ийзаво Царнаев ДжовхIар

Iамеркан Массачусетс Штатан прокурора кхин цхьаъ а бехктакхаме гIуллакх кховдийна Стигалкъекъа-баттахь кхело вен кхачийначу Царнаев ДжовхIарна дуьхьал. Цунна бехкедо, ши шо хьалха Бостонехь эккхийтар а дина, иза а, цуьнан ваша Тамерлан а къайлавала гIертачу муьрехь динчу кхийсаршкахь полисхо Кольер Шон вер.