Кавказерчу 6 стагна хенаш кхайкхийна

6 стагна набахтехь такха хенаш кхайкхийна Пятигорскехь 2013-чу шарахь эккхийтар дарна. Ростов гIалахь и сацам бинчу тIеман кхело царна бехкедина 3 стаг вер. Атаев Мурад а, Абдулазизов Шемал а велла дIаваллалц Iийр ву набахтехь. ХализовгIарна, Владимирна а, Рамазанна а, Ибрагимов Мохьмадна а, Газимагомедов Шемална а 17 шарера 23 шаре кхаччалц хенаш тоьхна.

4 миллион сом гIуда такха а дезар ду чубоьхкинчийн. Кхело бахарехь, Пятигорскерчу некъан полицин цIенна уллехь молханах юьйлина машен эккхийтина исс кавказхочо. Уьш лаца араяьллачу полицино лурчаха Дагестанехь вийра царех кхоъ.