Оьрсийчоь, Олхон гIайри тIехь цIе йогу

Белашца гIаш, генаш дIа а дохуш, цIарна некъ хадош даьккхинчу сизна гергахь лаьтта волонтер.
 

Керла-керла меттигаш дIалоьцу цIаро.
 

Меттигера таксисташ бу цIеяьллаче боьлхуш.

 

ГIайри тIерачу Хужир юьртара гуш бу яьллачу цIеран кIур.

 

 Гончаров Сергей Еланцехь веха, амма тахана иза а веана Олхонера цIе яйъа.
 

ЦIеран дозане кхаьчна Гончаров Сергей . Яхначу буса цIе дехьаяьлла шена хIоттийначу дуьхьалонал. Керла дуьхьало  хIоттон еза юха а.

 

Байкал тIехь уггаре йоккха гIайре ю Олхон.
 

 ЦIейойъучарна гIодан воьдуш ву Волонтер Волков Антон.

 

База а, гIадолу дитташ а кхуьу гIайри тIехь.

 

Сибрех евллачу цIераша ягош ю 40 гектар хьаннаш. Меттигерчу хьунхойн куьйгалхо Козлов Константин ву белхахошна буьйр деш.



 

Орцан раж кхайкхийна Олхонехь.

Волонтеры роют траншеи, чтобы остановить распространение огня

Декъачу дитташа сиха яржайо цIе. Волонтер Волков Антон  бохаман дозанца.

Догу дитт хадош воллу хьунхо.

ГIайри толлуш ву меттигерчу хьунхойн куьйгалхо Козлов Константин. 

Олхонера хьунхой.

 

Байкалерчу халкъан паркан хьаннех яьлла цIе йогу кху муьрехь. Яйъа ницкъ ца кхочу белхахойн. Меттигера бахархой а бу цIеяйархошна гIодеш. "Карара Зама" телеканал, Шеломовский Петр.