Олимпиадан ловзарш хир долу меттиг билгалъяьлла

Пекин хаьржина 2022-чу шарахь Iаьнан Олимпиадан ловзарш хир долу меттиг. И хаам баржийна Дуьненаюкъарчу Олимпан комитето пIераскана. Иза а, Алма-Ата а яра лараме ловзарш хIуьттур долчу меттигашлахь къастийна. Финансашца хьал дика дац шайн аьлла, хьалхо шаьш къовсамера евлира Осло а, СтокхIолм а. Малайзин коьртачу гIалахь Куала-Лумпурехь, кхаьжнаш тосучехь, Пекинал тIаьхьа 2020-чу шарахь ловзарш хир долу меттиг къастийна Швейцарера Лозанна.