Шема ваха дагадарна - 5 шо

Соьлж-ГIалахь кхел а йина, 5 шо набахтехь такха хан тоьхна 19 шо долчу Дикаев Iаьрбина, иза Шема тIаме ваха гIоьртина аьлла. БердкIелара ву жима стаг. Кху шеран юьххьехь Минеральные Воды аэропортехь лецира иза, Шема воьдучуьра сацавечуха. Гергарчара кхелан сацам тIех луьра бу, аьлла, арздина журналисташка.

Ши бутт хьалха оццу бахьанийца изза 5 шо хан туьйхира Нохчийчохь 23 шо долчу Башаев Асланна а.