Оьрсийчоьно Къилбаседа Кавказан мехкашна 33 миллион сом кредит хьажийна шура ло даьхний кхион. Итт – итт миллион сом делла Ростоврчу а, Краснодарерчу а фермершка. Кхечу кавказхойн мехкех хIоранна кхаьчна миллион гергга сом.
Ткъа уггаре кIезиг делла ахча Адыгейна – 170 эзар сом. ГIалгIайчоьнна делла 179 эзар сом. Амма Нохчийчоьнна кепек а ца елла – цуьнан бахьана цкъачунна кхеташ дац ахча хьажош арахецна омра дешча.