Некъан инспектор балхара вохийна Нохчийчохь

Некъан низам талхорна некъан инспектор балхара вохийна Нохчийчохь. Махкахь некъан низам талхораш тергалбан болийчхьана иза дуьххьара ву полисхойх даржера дIаваьккхиначех. ВорхI стаг а леш, ши кIира гергга хьалха некъан хьовзам хилча йолийра рейдаш. ХIетахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша даржах вохор ву и низам дохориг аьллера.