Мингячевирехь нах гIевттина протесте

Азербайджанерчу Мингячевир гIалахь шоьтадийнахь нах гIевттина меттигерчу полице вигина вахархо вийна карорца доьзна. Чоьхьарчу гIуллакхийн декъан хьаькаме Бадалов Алескере дарж дита бохура гуламхоша. Полицино бIаьргаш Iийжабечу газаца дIасалаьхкина протестхой. 27 шо долу Гаджиев Бахруз – иза ву тIахьо вийна карийнарг – полицин цIенна чувуьгуш яьккхина видео а ю наха интернетехула яржийна лелаш.

Полицехь шега хаттам бечу муьрехь корах чуиккхира и стаг, бохуш чIагIдо полисхоша. Ткъа бахархой ца теша. Жимчу стеган дас хаамбина Маршо Радионе, шен воIан дерриг а дегIа тIехь яра цунна чIоггIа йиттина хилар гойтуш ларш, аьлла. Цунна хетарехь, полисхоша шаьш вийча, корах аракхоьссина Гаджиев Бахруз.