Оьрсаша жимма малдина Джемилов Хайсерна дина таIзар

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело жимма малдина ГIирмерчу гIезалойн лидер волчу Джемилов Мустафан къантана – Хайсеран дина таIзар.

И стаг ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан кхело чувоьллина ву, ларамаза стаг верна бехке а вина.

Цунна 5 шо хан тоьхна. Джемилевн адвокато Полозов Николайс дийцарехь, Оьрсийчоьнан лаккхарчу кхело и хан яцйина кхаа шаре ах шаре кхаччалц.