Маккара дарбан цIенош дуьзна

ПIераскана Маккахь уггаре докккхачу ал-Хьарам маьждигна тIе гIишлош ютту кран йожарца велла 107 хьажа коше верзош бу бусулба дуьненара цига бахана нах. 238 стаг ву лазийна а. Маккара массо а дарбан цIенош дуьзина ду, хаамбо прессо.

Сарахь ялхалгIачух ах саьт долуш хилла бохам. Баьллачу мохо маьждигна кран тIейожийна оцу чохь эзарнаш нах а болуш. Нохчий бац беллачаралахь, лазийначаралахь.