Нохчийчохь бехккъасторхоша левийр ву ши украинахо

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело магийна шена довхатта махка кхачийначу, нохчашкахьа тIемаш барна бехкевечу шина Украинан вахархочун Карпюк Николайн а, Клых Станиславан а кхел бехккъасторхошка яйта.

Дов хатта долор ду тIебогIучу беттан 12-чу дийнахь йиллинчу ражехь.