Кхаьънаш эцарна лаьцна Таллинан мэр

Эстонехь лаьцна Таллинан мэр, Эстонин премьер-министр хилла волу Сависаар Эдгар. Цунна бехке дуьллуш ду кхаьънаш эцар. Савсаар ву оьрсийн къомах болчу Эстонин бахархоша кхаж тосуш Iедал долчу Центристийн партин лидер. Delfi агенталло бинчу хаамца, кхаьънаш оьцуш цу стагана гIо дина аьлла лаьцна ву кхин а масийтта стаг.