Хьаьжойн кхалхар

Сауди Iаьрбийн пачхьалкх. Гезгю 24.2015

СаIудийн Iарба Хьажийн цIа баханчарех ворхI бIе сов стаг кхелхина еари дийнахь, Мина олучу арахь гатто а хIоьттина

Your browser doesn’t support HTML5

Хьаьжойн кхалхар

Хьажийн цIа баханчара кхочуш дан дезачу декхарех уггаре а коьртачех цхьаъ ду Мина олучу арахь тIулгаш кхийсар. И меттиг Маккана 25 чакхарма генахь Iуьллуш ю. Цигахь, бусулба дино ма-хьехара, ИбрахIим пайхамарна кхузза илбаз дуьхьал хIоьттина хилла, ткъа ИбрахIим пайхамаро иза тIулгаш кхийсарца къахкийна.

Нагахь санна хIора шарахь Хьаж кхочушдан оьхуш болчу миллионера шина-кхаа миллионе кхачалца болчу наха Каабина гонахь гуо баккхар а, кхин болу хьаж даран бехкамаша а тайп-тайпанчу деношкахь кхочуш деш делахь, Мина арахь тIулгаш кхийсар цара массара а цхьана дийнахь дан дезаш ду – гIурбан дийнахь. И бахьана долуш нисло цигахь наг-нагахь гаттонаш а кхоллалой, адамаш вовшашна тIетта деттадалар бахьана долуш, бIеннашкахь нах леш болу бохамаш, еари дийнахь хилларг санна.

СаIудий Iарбан орца кхачадаран хьукмато шен сайт тIехь а, твиттер тIерачу шен агIонна тIехь а бечу хаамашца, мел кIезга а, 700 стаг кхелхина, ткъа кхин а бIеннаш лазийна бу. Кхелхинчарех доккхах долу дакъа божарий бу.

Хийлаза Хьажийн цIа бахана болу нах вовшашна тIетта а бетталой, балар нислуш хиларна, СаIудийна Iарбан Iедалша тIаьхьарчу шерашкахь миллионаш долларшна зе а деш, Каабина гуо боккху меттиг а, Мина аренга нах кхачош болу тIай а тодарехь гIулчаша яьхнера. Амма Iедало мел къахьегарх а, миллион я ши миллион адам цхьана дийнахь гуллучу меттехь хIинцалераниг санна бохам хила йиш яц олийла дац бохуш дийцира Маршо радионе даханчу шарахь Хьажийн цIахь хиллачу Берлинан яхархочу Цатишаева Хадишата.

Цатишаева Хадишат: “Боккхал а бакъдолш, и тIулгаш кхуьйсучу метте боьду некъ вуно хала а, беха а некъ бу. Цига совтIеха баккхийнарш а, могашалла дика йоцурш а баха ца магадо дела, оха тхайца болчарех массийтанна тIера кхийсира и тIулгаш. Муьлхачу мIаьргонехь гатто а кхоллаелла, адамаш вовшашна тIедетта дала сахьт доцуш хьал хуьлу цигахь. Нагахь санна нийса дIавоьдуш волу стаг цхьана секундана агIор верзахь, тIаккха а хила там болуш бу цигахь и тахана хилларг санна болу бохам. ХIунда аьлча цу Хьажийн цIа мел вахнарг цу дийнахь цигахь тIулгаш кхийса дезаш ву, тIаккха оццул адам гулделлачехь хIуъу нисдала тарло. Тхо тхаьш а Дела къинхетам хьалха баьлла, хIума ца хуьлуш схьадаькхира цигара“.

Цатишаева Хадишатас билгадоккху, хьаж кхочушдеш болчеран кхерамазалла ларйархьама СаIудийн Iедалша вуно лерина а, чолхе а гIулчаш йоху, Iедалан белхахой а, лоьраш а даима а тIекхочехь хуьлу, Хьажийн цIа баханчара хIора а бехкам кхочушбечу некъашкахь бохуш.

Цатишаева Хадишат: “Iедалан белхахой вуно дукха бу цигахь. Массо маьIIехь бу уьш, шортта камераш а ю цигахь. Цхьажимма а дIабоьлхучу нахана юккъехь хьем хуьлуш хилахь, мичара бовла ца хууш, схьа а хIуьтту уьш. Нагахь санна цхьаннан вуо дог хилахь я цхьаъ охьавожахь, чIогIа сиха гуо а бой, хаза говза и стаг адамашна юккъера схьа а оьцу цара. Амма мел говза а, сема а Iедал хилахь а, иштта долу хьал нисдала йиш йолуш ду цигахь. Дала гечдойла беллачарна! Дала декъал бойла уьш!“

Даханчу шерашкахь а массийтаза Хьажийн цIа бахнарш кхалха а кхелхаш, бохамаш Маккахь а, цунна гуонахьарчу меттигашкахь а нисбеллера. Иштта, I990-чу шарахь Маккара оццу Мина аренга нах кхачочу туннел чохь гатто а кхоллаелла кхелхира хIинцалца цхьа уггаре а дукхах адам – цхьа эзар пхи бIе сов стаг. 2004-чу шарахь а, 2006-чу шарахь а белира бIеннашкахь нах оццу меттехь.

И тайпа бохамаш кхин ца хилийта гIерташ СаIудийн куьйгалло масех шо хьалха тодан долийнера цигара Кааба чохь йолу Масджид аль Хьарам цIе йолу доккха маьждиг а, миллионаш нах дIасалела Джамра цIе йолу тIай а, ткъа иштта Макканий, Мина аренний юккъера туннел а.

Кху аьхка СаIудийн Iарбойн хьажах долчу хьашташна Iуналла дечу министралло дIахьедар дира, хIинцачул тIаьхьа Каабин гуо бокхучеран деа гIаттахула чекхбовла йиш хир ю, вовшана новкъарло а ца еш аьлла. Цара дийцарехь, хIора сохьтехь II4 эзар стага гуо баккха аьтто хир бу Каабина.

Амма гуш ма-хиллара, цу кепарчу реставрацино Хьажийн цIа баханчеран кхерамазалла хIуммаъ лакха ца яьккхина. Бутт а бац, Хьажийн цIа умрат дан бахана болчу нахах бIе сов стаг Хьарамчу маьждигехь вийна, Хьажийн цIийна тIе гIишлошйаран кран а йоьжна. Ткъа хIинца кхин боккхах бохам нисбелла бусулба динан пхеалгIа парз кхочуш дан баханчаьрца.