Оьрсийчоьнан кеманаша юха а тохарш дина Шемахь

Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша рогIера тохарш дина Шемахь еарийдийнахь. Оцу юкъанна, СаIуда Iаьрбийчоьно а, гонахара масех пачхьалкхо а сингаттам къадийна Москох оцу тIамна юкъагIортарх лаьцна. Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаамбина, еарийн буса шен СУ-25 кеманаш борх1азза г1евттира, цара доьазза «Исламан Пачхьалкхан» каппашна тохарш а дира, аьлла.

Цо бахарехь, ракеташ кхетта Идлиб гIалина гергарчу герз Iалашдечу гIишлонна а, ХIама гIаларчу жихIадхойн урхаллин цIенна а тIе.