ХьаьжцIа некъ бихкина къоьлло

Къоьлла бахьанехь Оьрсийчуьрчу бусулбанаша шайна СаIуда Iаьрбийчоьно хьаьждан беллачу 16 400 меттигех схьаэцна кхушара 13200, аьлча а ца воьдуш висина ХьакжцIа 3 эзар сов стаг.

Меттиган мах бара кхушара кеп-кепара 2000 эзар долларна тIера 8,5 эзарне кхаччалц. Оьрсийчоьнан бусулбанийн муфтиято прессехь бакъдо, бусулбанашна ХьаьжцIа некъ бихкинарг къоьлла хилар.