Iамерка сихлур яц шен эскарш ОвхIанистанера арадаха

ОвхIанистанера Iамеркин эскарш арадахар сих цадан сацам барх лаьцна дIахьедар дина президента Обама Барака. Цо бинчу хаамца, 2016-шо чекхдаллалц цу махкахь вуьсур ву 9 800 Iамеркин эскархо. Цул т1аьхьа итерахь лархдийр ду 5 500 кхччалц.

Iамерко юьхьарлацначу планаца а догIуш, 2016-гIа шо чекхдолуш ОвхIанистанехь биса безаш бара Кабулехь Цхьаьнатоьхначу Штатайн векалалла ларйеш болу эскархой. Амма тIеман министраллана хетарехь, «Талибан» боламера болу кхерам алсам балар бахьана долуш, цигахь биза беза мелла а алсам Iамеркин салтий а, эпсарш а.

Стохка ГIура-баттахь Iамерко а, НАТО-но а официалан кепара дIаерзийра шаьш ОвхIан махкахь дIахьош хилла тIеман операци. Карарчу хенахь цигахь долчу НАТО-н эскаран терахь ду 13 эзар стаг.