Ахча диина кхеле озийна Нохчийчуьра хьаькам

Кху деношкахь Шелан кIоштан прокуратурано кхеле озийна Куьрчалан кIоштан дешаран урхаллин хьаькам, 59 шо долу Ильясов Руслан. Цунна бехкедуьллу, шен даржах пайда а оьцуш, ишколашка дохкуьйтуш хилла ахчанаш цо боккхачу барамехь шен кисана дерзорна. Ильясов Руслана ша балхара мукъаваьккхинчул тIаьхьа, ша лачкъийна ахча меттахIоттийна.

Амма хIетте а кхело иза бехкевеш нислахь, тоха тарло цунна набахтехь такха 10 шо а, 1 миллион сом гIуда а. Кху программехьоха алссам дуьйцур ду оцу зуламах лаьцна.