ТехIерано баллистикан ракета зуьй

Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ, Британи, Франци, Германи реза яц дукха хан йоццуш ТехIерано баллистикан ракета зерна. Цара оцу хьокъехь талламбар дехна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин санкцийн комитете. И дIахьедар дахьийтина цара кхаарийдийнахь. Баллистикан ракетан таро ю зарратан герз оьшуче дIакхачон, зуламе ду и тайпа зераш дар, и гIулч ца йогIу Кхерамзаллин Кхеташонан сацамашца, боху дIахьедара тIехь.

Кехато гойту, нагахь санна Оьрсийчоь а, Китай а дуьхьал ца хилахь ГIажаройчоьнна дуьхьал керла санкцеш хIиттон тарлуш дуйла. ТехIерано харцйо шаьш зераш зарратан герз кхоллархьама дина боху шеко.