Дукха версеш ю Мисарахь кема чудар толлуш

«Ислама пачхьалкх» олучу тобан Мисарехь долчу декъо дIахьедар динера, и кема шаьш чудаийтина аьлла. Амма, цуьнах цхьанна а тайпа: муха а, я стенца иза дина, цара аьлла дац.

«Когалым» авиакомпанин хIаваъкема Мисарера цIадан хьалаайделла дукха хан ялале чудеънера, цу чохь волу 224 стаг а леш. Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретара Песков Дмитрийс шега цуьнах хаьттича аьллера, кема чударан бахьанех хIинца а дийца хьалхе ду, цундела террактца йолу верси а, кхиерш а цу юккъера яха ца оьшу аьлла. Массийта верси ю журналисташа а, талламхоша а тидаме эцна.

Ракета:

«Исламан Пачхьалкх» олучу тобан Мисарахь долчу декъо дIахьедар динера, и кема шаьш чудаийтина аьлла. Амма, цуьнах цхьанна а тайпа: муха а, я стенца иза дина, цара аьлла дац.

Оцу бахьанца, Европера а, Гергарчу Малхбалера а авиакомпанеш и бохам хилла масех де далле, Мисаран тIехула лелаш долу шай кеманаш совцийна.

И кема террорхоша чудаийтина бохуш, билгала олийла дац, амма, Оьрсийчоьно, Шемара президент Асад Башар дIаваккха гIертачу тIеман тобанашна деш долу тохарш тидаме эцча, оцу дIахьедаршна терго ян езаш нисло. Мисарара Iедалша шай махкахь, къийсам дIахьош а бу «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна байIат динчу исламисташна доьхьала.

Амма, цхьаболу эксперташа шеконе дуьллу Мисарехь болчу тIемалойн 9 чакхарма лекха стиглахь доьдучу кеманна ракета тоха аьтто хилар.

«Локерби» сценари:

Смирнов Александр, «Когалымавиа» компанийн векал ву. Оршотдийнахь цо дIахьедар дира журуналисташка, и хIаваъкема чударан бахьан, цунна цхьана агIора бина тIеIакъам бу аьлла. Шемахь чудоьжна долу Эйрбас 32I олуш долу кема, Москохара Домодедово аэрропортера цига дIадахнера ГIадужу беттан 20 дийнахь.

Смирнов Александра, кхин совнах хIума ца дийцина оцу хиллачу бохамех, иза талламхойн болх бу аьлла.

Цхьанна а тайпа официала тоьшаллаш дац и бохам, кеманна чохь эккхаран бахьанца хилла аьлла. «Коммерсант» газето цIе ца йовзуьйтучу авиацийн эксперташна хетарг даладо, и бомба чохь иккхина и кема стиглахь доьхна аьлла. Оцу артиклехь, цара цхьана нисдо иза, I988 шарахь, Шотландерачу Локерби гIалана уллехь хиллачу бохамца. 270 стаг а леш, Pan Am цIе йолчу авиакомпанера I03-чу рейсаца доьдуш долу кема чудеънера.

Хэйес Пол, Лондонера «Ascend» цIе йолчу консалтиган авиацийн кхерамазаллийн компанийн куьйгалхо ву. Иза тешна ву, бомба чекхъяккха кхерам болчу меттехь, талламаш чIагIбан беза аьлла.

Адамийн гIалат:

«Когалымавиа» компанино бакъ ца дина, оцу кеман пилото гIалат далийтина бохург. Немов Валерий I2 эзар сов сахьт стиглахь даьккхина вара боху цигахь.

Иштта, цара билгалдоккху, оцу кеманна экипаж, диспетчерца чолхалла гойтуш цхьанна а тайпа зIене яла гIерташ ца хилла аьлла.

«Доьдуш лаьтташехь, кема цIеххьана чудожаран бахьан ду, цунна цхьана агIора Iаткъам бина хилар»,- боху «Когалымавиа» векало Смирнов Александра.

Кеманна цIога дохар:

Йоьхьанца верси яра, кема хьалагIаттале, цуьнца цхьацца кхачамбацарш дара аьлла. 200I шарахь, оццу Мисаран коьртачу шахIарахь Къаирехь вахьхууш цIога дIатоьхнера цо. Иза тадеш массийта бутт дIабелира. «Коммерсант» газетан хетарехь, кеманна фезюляж йина долу эчка «гIелделла» хилла а там бу, иза тадечу хенахь.

ХIаваъкеманийн бохамийн исторехь иштта хилла масалаш а ду шортта. I985 шарахь, японхойн кема чудеънера, доьдуш лаьтташехь доха а доьхна. Бахьан- и хIума хилле 7 шо хьалха иза дика тадина ца хилар.

Хэйесан, бакъдерг дийцича, и санна долчу масалша, чудеанчу оьрсийн кеманца цхьанадогIуш ду аьлла ца хета

«Суна, дукха тидам бахийта ца лаьа оцу версина тIе. Хийла чудеана кеманаш, дика ца тадина аьлла. Амма, дуккха а кеманаш ду, иштта та а дина, цхьа а хIума а доцуш дIасалелаш»,-боху цу эксперта.

«Когалымавиа» компанино чудоьжна долу и Эйрбас кема чIогIа дикачу хьолехь дара бохуш дуьйцу. I8 шо бен дацара цуьнан. Иза, кеманна юккъера хан ю. Цуьнан векало Смирнов Александра, тIечIагIдо «техникана бахьанца иза чуддоьжна хилар, шаьш аьттехь а тIеоьцуш верси яц»,-аьлла, бохуш яздо Маршо радионна корреспондента Балмфорт Тома.