"Ткъеиттан Го" гулбелла саммите

Туркойн Анталехь, жимчу Белек гIалахь йолаелла «Ткъаннан Го» олучу дуьненаюкъарчу цхьанакхетараллин саммит. 30-ттех мехкан векалша дийцаредо доьду шо. Йийцаре ечу проблемашлахь ду мехкаша вовшашца лелочу юкъарлонийн барамаш, гуманитаран, шина миллионал а совбевллачу мухIажирийн гIайгIанаш. Иштта коьртачех ду мехкаша вовшашка кредиташ далар, оцу боламан политика дикачу хьелашка яккхар, кхидолу а хеттарш.