ТIемалой бу аьлла 14 стаг вийна Налчикехь

Лаххара 14 стаг вийна ницкъаллин структурийн белхахоша Налчикехь тIеман операци дIахьош. Iедалша чIагIдарехь, и нах тIемалой хилла, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанах дIакхетна болу. Цара дийцарехь, байинчарна юкъахь ву тIемалойн хьалханча Бицуев Юрий.

Иза вара боху цара кху беттан 10-чу дийнахь вийначу ГIебартойн-Балкхаройчура тIемалойн куьйгалхо хиллачу Занкишиев Робертан метта хIоьттина. Iедалша чIагIдарехь, Налчикехь байина нах хилла цу республикера бахархой Шемахь тIом бан дIахьовсо некъаш лоьхуш.