ГIишлонна тIе Украинин байракх тохарна кхо стаг лаьцна Москох

Москох лаьцна Котельническая набережная олучу меттехь йолчу лекхачу гIишлонна тIе Украинин байракх тоьхна волу кхо стаг. Зорбанан гIирсаша дийцарехь, и акци хьажийна хилла цара Киевехь Евромайдан олу болам болабелла ши шо кхачарна. Украинин байркх йоцург жигархоша цу гIишлонна тIе дIатоьхна Евробертан эмблема тIехь йолу Оьрсийчоьнан байрках.