Украинерчу олигархийн Лондонера хIусамаш

Диъ шо хьалха олигархо Ахметов Рината Гайд-Паркехь 136,3 миллион фунтах ийцира петар.
 

Элийн Майда ю Ахметов Ринатан петаран корашкахь гуш.

 

"Донбассан элин" Ахметовн Гайд-Паркерчу пентхаусера воссало лондонхоша лоруш йолчу садоIийле - Элийн Майдана.

 

Британин прессо бахарехь, даьндарг чекх ца йолучу ангалех ду кхузара кораш.

 

Ахметов Ринатан хадеш йолу пентхаус

Украинан президент лаьттинчу Кучма Викторан нуц Пинчук Викторан вилла ю Апер Филимор Гарденс, 17. 2008-чу шарахь яьлла иза Пинчукан дола.

 

Пинчука 80 миллион фунт делла хIусамах. Официалехь иза яц Пинчукна тIеязйина - офшоран компани да ларало кехаташца.
 

Фирташ Ладина тIеязйина петар гойтуш ву Британера журналист Баллоу Оливер. 

Фирташ Дмитрийс виллах 60 миллион фунт делла.

 

5 гIат ю Фирташан хIусаман, ю луьйчийла, тренажерийн чоь, конференц-чоь. 2012-чу шарахь эцна хIусам.

 

Стохка Бромптон Роад метрона гергахь а эцна Фирташа вилла.

 

Украинерчу Ужгородан шеран бюджет ю Фирштатан кху виллин мах - 53 миллион фунт.

 

Виком Скверехь лаьтта политтехнологан Грановский Володимиран еза хIусам.

 

Лондонехь тоьлла лору меттигаш Найтсбридж, Кенсингтон, Челси тайна дуьненан массо а маьIигашкара тIеоьхучу совдегаршна. Цара ларамца оьцу цигахь цIенош. Церан декъахь бу Украинера олигархаш а.