Бисултанов Апти. Охунех тера ю...

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. Охунех тера ю хьан куьйгийн берчаш...

Бисултанов Апти

***

охунех тера ю
хьан куьйгийн берчаш

хаддаза къахьоьгучуьра
цхьана мIаьргонна уьш севцича
хьан куьйгаш тIехь ялта дер дара-кх Нана

суна гина
ахь кана эцна долу бIаьстенан доь хIу
хьан куьйгийн хершнашкахь худалуш

бIаьрхишца дашош
доIанашца дакъош
лелорна хир ду-кха хьан куьйгаш ишта

со кхоьру Нана
хьан куьйгаш тIехь Iожаллин ялта даларна