Асад Башарна дуьхьал тIемаш бийраш реза бу бертан къамелаш долон

ТIебогIучу баттахь Шемара президентна Асад Башарна дуьхьал тIемаш бен агIо реза хилла бертан къамелаш долон. И лаам дIакъадийна дукхахйолчу оппозицин тобанаша. Оцу хьокъехь шина дийнахь къамелаш хилла 100 сов делегатан СаIуда Iаьрба махкахь.

Барам шен куьйгакIел дIабаьхьначу саIудито – иза вовзуьйтуш вац прессана – хаамбина, кху дешнашца: «Конференцин декъашхой реза бу бертан къамелаш доло, кхидIа оха Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацица дага а девлла бийр бу болх... бакъду, Шемара оппозици дийцаршка хаа реза яц Асад Башар президентан даржехь а волуш, иза а, цунан го а юьстахбала безар бу барт бийца болош».

Вашингтоно къобалбо хаам. «Bза вуно дика гIулч ю Шемарчу машаран новкъахь, кхидIа дерриг а хила деза демократин, плюрализман буха тIехь», аьлла Пачхьалкхан секретара Керри Джона.